ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн маьхчин ловзарга гулбеллачаьргахь яцара масканаш


Нохчийчоьнан куьйгалхочун маьхчин Кадыров Абубакаран ловзаргахь вуно дукха хьеший хилла. Соьлжа-ГIалахь и барам вовшатоьхначара а, хьешаша а ца лелийна масканаш, ца латтийна вовшашна юкъахь дистанца.

Шен "Вконтакте" агIонехь яздина Кадыров Рамзана: "КадыровгIеран боккхачу доьзалехь бIаьрла, самукъане хилам бара. Зуда ялийна сан хьомечу маьхчас, Сийлахьчу Къуранан хафиза, хаза хиндерг долчу "Ахмат" клубан латархочо Кадыров Абубакара!"

Шен постах ловзаргара видео а йоьзна Кадыровс. Цу тIехь гуш бу дуккха а нах. Говраш йоьжначу фаэтонахь. Улле горберий а хIиттина, далош ду нускал, зезагаш ду кхуьйсуш гобаьккхина, детта герзаш. Амма яц гуш масканаш, лардеш дац махканна коронавирусан хьелашкахь хIиттийна лела хьелаш.

Кавказ.Реалиин редакцино дийхира Нохчийчоьнан администрацин а. Iедалан а куьйгалхочун гIовсе Умаров Жамболате Кадыровн видеона комментари яр. Амма шегахь информаци яц аьлла, жоп ца луш дитира цо хаттар.

  • Коронавирус рогIехь марсаяларца доьзна, адамашна цунах лардала декхаредина Нохчийчохь. Парламентан спикера Даудов Мохьмада омра дира, масканаш йоцчу нахера машенаш дIаяха, аьлла.
  • Официалан статистикаца, Гезгмашин-беттан 7-чу денна Нохчийчохь уьнах цомгуш хилларг ву 2 296 вахархо.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG