ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Гаджиев Iабдулмумин лаьцначуьра дIахецаре догдоху пикеташка буьйлучара


Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, ФБС-н а цIеношна хьалха рогIера пикеташ дIаяьхьина Iедална "Черновик" газетера журналист Гаджиев Iабдулмумин арахецар тIедожош кест-кеста гуллучу бахархоша.

"Тхо тхайн хьалхалеррачу метте гулделира – Гамзатовн а, Дахадаевн а урамаш цхьаьнакхетаче. Дукха яра сигналаш етта машенаш, цара гойтура шаьш тхоьгахьа хилар. ТIехбуьйлучу нахах кхо стаг, сецна, тхоьца пикет дIакхехьа а хIоьттира", - дийцира Кавказ.Реалиига "Черновик" газетерчу журналиста Магомедов Мохьмада.

Даима а санна хуьлу пикеташкахь Гаджиев Iабдулмуминан гергарнаш а, коллегаш а. Акцеш хьалхо совцийра цара, коронавирус яржарца доьзна. ХIинца дIахьо хIора оршоьтан дийнахь.

Сочерчу аппеляцин кхело ца хуьйцуш битина Дагестанан Лакхарчу кхело Гаджиев карарчу беттан 13-чу дийнналц лаьцна кхаба бина сацам.

  • 2019-чу шеран аьхка лецира Гаджиев цо терроризманна ахча латтийна аьлла.
  • Бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакх лору Гаджиев.

XS
SM
MD
LG