"Гуьржийчоьнан патриотийн альянсан" лидерша, партин агIончаша, мозгIарша Ингурин тIай тIехь схьаэцна, шена совгIат йича, Абхазино юхаелла икона. Партин хьалханчас, Гуьржийчоьнан парламентан вице-спикера Инашвили Ирмас икона шаьш Кутаиси гIаларчу Багратан килсе хьажор ю аьлла, яздо Маршо Радион "Эхо Кавказа" проекто.
Инашвилис критика йина икона, цуьнан дешнашца аьлча, "юхаяийтарх баккхийбечу" журналисташна а, гуьржийн политикашна.
"Оха машарехьа гIулч яьккхинера, оцу бахьаница тхо аьшнаш до", – аьлла "Гуьржийчоьнан патриотийн альянсан" куьйгалхочо.
Абхазин бахархошка аьлла Инашвили Ирмас: "Сан вежарий, йижарий, суна шу дукха деза. Таханлерчу факто совцор дац вай вовшашна юкъа машар буьллучу новкъахь".
- "Гуьржийчоьнан патриотийн альянс" партин декъашхоша а, оцу партин лидера Инашвилис а, шаьш Абхазе хьошалгIа догIуш Илорин килсанна совгIат деш еара еза икона.
- Абхазин Килсан коьртачу кхеташоно дIахьедар даржийна, икона ша схьа ца оьцу, юхахьажайо, аьлла. Гезгмашин-беттан 6-чу дийнахь Гуьржийчу боьдучу некъа тIе, Ингури хин тIерачу тIай тIе, юхаяьхьира абхазоша икона.