ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусна дуьхьал кхоьллина "Спутник V" вакцина яржош ю Оьрсийчухула


"Спутник V", COVID-19 уьнна дуьхьал кхоьллина вакцина, юкъайоккхуш, хьалхара дакъа арахецна Оьрсийчохь. Оцу хьокъехь хаам бина пачхьалкхан могашаллин министралло.

Гамалейн цIарахчу эпидемиологин а, микробиологин а Iилман-талламан центро арахецна вакцина зийна могашаллин министраллерчу молханашна тIехьожучу урхаллин лабраторешкахь, боху хаамехь. Кестта вакцина дIасахьажор ю регионашка.

Оьрсийчохь коронавирусан вакцинаци бахархошна ян йолор ю 2020-чу шеран ГIадужу-баттахь. Регистрацех чекхъялла "Спутник V" вакцина зуьйр ю хьукматаша билгалваьккхинчу 40 эзар стагана тIехь. И таллам дIахьор бу 2-6 баттахь.

  • Бутт хьалха президента Путин Владимира хаам бира, Оьрсийчоьно коронавирусна дуьхьал вакцина кхоьллина, аьлла. Амма иза адамашна тIехь зийна яц, цундела официалехь тIечIагIйойла дац, бохура пачхьалкхерчу фармакологин компанеша. «Лоьрийн лугIат» журнало къамелаш динчу дуккха а лоьраша хаийтина шаьш и вакцина кхоччуш пайде цалорийла.
  • Вакцина арахеца йолийна Гамалейн центро а, "Биннофарм" компанино. Шарахь арахоьцур бу вакцинин Оьрсийчоьнна оьшу барам.

XS
SM
MD
LG