ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: Марсхьокху-баттахь баларш, даима хуьлучаьрца дуьстича, ах гергга тIекхетта Къилбаседа Кавказехь


Стохка Марсхьокху-баттахь беллачу нахал 44,5% дукха нах белла кхушеран оццу баттахь, боху Росстатан талламаша, хаам бина "РБК Кавказо".

Дуьстича, баларш уггаре дукха хилла кхушеран Марсхьокху-баттахь ГIалгIайчохь – 92%. Дагестанехь и барам бу 78%, Кхарачой-Чергазийчохь – 74%, Нохчийчохь – 73, 5% гергга. КIеззиг лахара ду и терахьаш ХIирийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а.

Къилбаседа Кавказехь уггаре кIезиг баларш долу регион ю Ставропол-мохк – цигахь 14% бен сов ца девлла баларш стохкалерчу баттаца дуьстича.

Юкъара хьал зийча, Къилбаседа Кавказехь стохкалерчу хьалхарчу 6 баттаца кхушеран и мур буьстича, баларш совдевлла 8,5% гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG