ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Чехка вадар


Хасаров ШаIрани

Чехка вадар

Чехкалла ведда со вогIу.
Хьуьхбоьлла некъ дуьхьал богIу,
Когаш кIел чекхлелхаш бедда.
Стигла а суна тIе едда.

Шайн цIалха-когаш*тIехь чехка
Дитташ а цаьрца тIехлелха,
Аьрру а, аьтту а агIор,
БIаьргашна боуьйтуш бIагор.

Ткъа лаьмнаш хьалха сол девлла.
Шайн мархийн четаршца девдда.
«Сацаве! Лаца и !»- бохуш,
РаьгIнаш а пурх хьаьвдда йогIу.

Дерриг ду-со чехка вадар!
Дерриг ду-кIад со ца валар,
БIаьстенан малх хилар хьоьжуш,
Сан коьртах дайн куьйг шен хьоькхуш.
01.1999 ш.
__________
ЦIалха-кога*-цхьана кога тIехь бохург ду.

XS
SM
MD
LG