ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. БIаьсте


Хасаров ШаIрани
БIаьсте

Диттийн тем байна,
Дог хилла вайна
Денлучу баца
КIайн заза ласа.

Басахь луо дешна
Малхана лиэшна.
Дуьне гуш тахна
Зезаг гIаддахна.

Олхазарш,хьовсал,
Зевнийх деш ловзар,
Оханан хорша
Чу хийшош хьоза?!

Дуьненан баьрче
СхьагIерта бIаьсте,
Шен хьаьркаш хIиттош,
Аренаш гIиттош!
1998 ш.

XS
SM
MD
LG