ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Жима кхор


Хасаров ШаIрани

Жима кхор

Валавейша шена лор,
Бохуш бара новкъахь кхор
Бераш даха кагдеш га,
Цо, лозуш, сан гатдо са.
Ца йирзича хилла чов,
ДIа ца даьлча деттан ов,
БIаьсте лере еъча сайн
Муха доккхур заза кIайн?

Стенца моьлур бовха малх?
Муха бузон беза нах?
Бохуш, воьхуш шена лор,
Боьлхуш бара жима кхор.

Хезна цуьнга деъна вон
ТIевеара цхьа къано.
ТIуьна сацкъар хьаькхна,дIа
Цо дихкира кIеда га.

Хазлуо, аьлла, малхана,
Стом луо,аьлла,нахана.
БIаьсте лере еъча хьайн
Зазадаккха,аьлла,кIайн.
1989 ш.

XS
SM
MD
LG