ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Хьал


Хасаров ШаIрани

Хьал

Ахьаран топ тоьхна, нанас
Вижийна дIа жима Анас.
Наб-дарба ду цуьнан чевнна,
Дахар- цIе ю церан девнан.
Дика кIант кхиочул атта
Ду олу дийнна лам баккха.

Дика кIант дети ас лору,
ЦIен деши ду йоI, ас олу,
Цаьргара гIиллакхаш тарна,
Да, нана дезарна царна.
Дика кIант ца хилча гIаттан,
Бодане хир дара латта.

ЙоI-туьйра ду, дуьне хестон,
КIант-бакъдерг ду, цо сох лечкъон.
Мехкарий-лаьмнаш ду дешийн.
КIентий-кIайн раьгIнаш ю детийн.
Цхьаъа а паччахь а воккха
Вац сайчул долуш хьал доккха.
04.1998 ш.

XS
SM
MD
LG