ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаров ШаIрани. Элпаша левар


Хасаров ШаIрани

Элпаша левар

Iуьйре цIийелча кхоллар кечде.
Суьйре цIийелча кхаллар кечде.
(Халкъан кица).

ДIабуьзи дашон малх.
ЦIийели суьйре.
Ларъян чу бирзи нах
Шайн-шайн и Iуьйре.
Цаьрга ла ца дуьйгIи,
Ву, эли, мегар.
Хьавззийна, тIеюьйхи
Хьасана кетар.

Новкъахь и мацвели.
Кетар совъяьлла,
Вохвели, малвели
Хьацар и даьлла.
ЦIийели малхбалехь
Iуьйранна стигла.
Кетар яц Хьасанехь
Кхаллар ду хIинца.

Цергашна цергаш шен
Етталуш тIеттIа,
Неха нах бийлош шех
ВогIу и ведда.

Тахана яцара
Кетар хир новкъа.
ХIунда и валалац
Нийса цу новкъа?


«А» «О» ду моьттина,
Жимма галваьлла,
ЧIуг хилла хIоьттина
«О» «А» ду, аьлла,

Ловзучу дуьнено
Само дIаэцна,
Вайн кица хилла цо
Нийса ца дешна.

Дитац цо хIинца дерт
Йозанан Iинца.
Дац Хьасан леван элп
Дуьненчохь хIинца!
28.02.1999 ш.

Хасаров Темуркъин ШаIрани вина Казахстанехь Кзыл-Ордан мехкан Терень -Узецки кIоштарчу Кокжиде юьртахь 1953-чу шеран 22-чу октябрехь.

Цо дешна Нохчийчохь ша вехачу Дишни-Веданарчу юьртан школехь. Цул тIаьхьа агрономан говзалла караерзош 1972--чу шарахь чекхъяьккхина Серноводскера юьртабахаман техникум, ткъа 1982-чу шарахь чекхъяьккхина хIинца Владикавказ олучу гIалахь хилла Ламанхойн юьртабахаман институт. 1972-1974-чу а шерашкахь гIуллакх дина Советан эскарехь.

Тайп-тайпана белхаш бина комсомолехь, "Колхозан дахар " Веданан кIоштан газетан редакцехь, юьртабахаман декъехь, КПСС-н Веданан райкомехь.

Дахаран доккха дакъа дIаделла хьехархочун балхана - дерриге а 25 шо, цуьнах 20 шо дIадахана юьртарчу школехь берашна хими а, биологи а хьоьхуш.

Кхоллараллин некъ дIаболийна 1971-чу шарахь. 1986 чу шарахь «Сатасаран сахьт» байтанчийн гуларехь стихийн цикл араяьлла.

1991-чу шарахь араяьккхина "Дашон хьоза" цIе йолу берийн стихийн гулар. Ехха зIе латтийна берийн "СтелаIад" журналца, баккхийчеран стихаш араевлла нохчийн журналашкахь а, газеташкахь а.

2010-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ву, 2011 чу шарахь "Республикан хьакъволу журналист" цIе тиллина поэтана.

Веданарчу "Керла дахар" газетехь корреспондентан цIарах болх бина цо.

Хасаров ШаIрани кхелхина 2020-чу шеран Зазадоккху-беттан (март) 22-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG