ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

7 стаг велла, 545 цомгуш хилла коронавирусах дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, ГIалмакхойчохь коронавирусах велла кхо стаг, Дагестанехь, Ставропол-махкахь, Краснодар-махкахь – шишша. Юьхьанца схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велларг ву 1342 стаг.

Дийнахь-буса а, пандемин ерриг хенахь а цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк +124 (13 002)
  • Краснодар-мохк + 92 (11 930)
  • Дагестан + 78 (11 598)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +63 (5 586) 1342
  • ГIалмакхойчоь +59 (4 882)
  • ГIалгIайчоь +41 (4 663)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +33 (6 757)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +24 (5 111)
  • Адыгей +24 (3 546)
  • Нохчийчоь +7 (2 314)

Таханенна официалерчу статистико Къилбаседа Кавказехь коронавирусах цомгуш хилла лору 69 389 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 1 035 789.

XS
SM
MD
LG