ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставропол-махкара вахархо 14 шарна набахте хьажийна Басаевн тобанехь лелла хиларна


Дагестанан Лакхарчу кхело Юмартов Батырбек бехкевина, цо шераш хьалха, ша Басаев Шемалан тобанехь волуш, Iедалан белхахошна тIе куьг дахьарна. 14 шо хан кхайкхийна цунна набахтин луьрачу хьелашкахь такха.

Талламан версица, 1999-чу шеран аьхка Нохчийчуьрчу тIемалой Iамочу "Кавказ" лагерехь Iемаш хилла Юмартов, цигахь хIоьттина "НогIийн жамаIате".

Набахте хьажийначун адвоката Айрапетян Наринес дийцарехь, кхело тидаме ца эцна тешех цхьамма, шегара Юмартовна дуьхьал дареш етташ дехира, аьлла, яздина кехат.

  • Стохка бIаьста лецира Юмартов Батырбек. Цо тIе ца эцна шена бехк. Ша дуьйцучу шеран аьхка ша вехачу Ставропол-махкарчу, Нефтекумскан кIоштарчу Кхара-Тюбе юьртара араваьлла а вац, чIагIдо цо.

XS
SM
MD
LG