Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь (шинара) шен болх меттахIоттийна яхначу заманашкахь венгрийн маттахь болх бинчу Маршо Радион сервисо. Иза дIакъевлинера дуненаюкъара «Шийла тIом» боьрзуш, Венгри демократин некъа яьлча. Шен болх цо юхадIаболабо оцу пачхьалкхехь прессин дешан бакъо эшна хилар дуьненаюкъарчу хьукматаша билгалдоккхучу кху муьрехь.
"Оха хазахетарца юхаялайо Венгре тхайн контент, юкъараллин хьашташна мутIахь а, аудиторин коьрта проблемаш йийцарна тIехь а йолу Радио Маьрша Европа/Радио Маршо юхайогIу оцу махка", - дIахьедина корпорацин президентан декхарш кхочушдечу Синделар Дейзис.
Венгрин сервисан куьйгалхо ву Чак Дьюла. Цо болх бина Euronews телеканалехь а, Би-Би-Син Венгрин сервисехь а, хилла Венгрерчу хаамийн гIирсашкахь куьйгалла дечу категорин могIаршкахь а.
«Доза доцу репортераш» юкъаралло 2020-чу шарахь хIоттийначу Прессин маршонан индексехь 16 позицина эшна Венгри – ю 89-чу меттехь. ТIаьххьарчу 10 шера чохь Орбан Викторан Iедало долаэцна пачхьалкхера коьрта хаамийн гIирсаш, юкъараллин телеканал, радио. Оцу бахьанашца доьзна Радио Маьрша Европа/Радио Маршо корпорацино дIадахначу шеран гурахь сацамбира Венгрин сервис меттахIотто.
Маршо Радион Венгрин сервисо (Szabad Europa Radio) болх бина Мюнхенера, дIачIегIира 1993-чу шарахь. МеттахIоьттина Венгрин сервис ю Будапештехь, онлайн-платформин кепехь болх бо цо (сайт https://www.szabadeuropa.hu/).
Хьалхо Румынехь а, Болгарехь а шайн болх меттахIоттийра цигарчу Маршо Радион сервисаша.