ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь Лакхарчу кхелан сацамца лачболу сацам тIеэцна кIоштан кхело


Нохчийчуьрчу вахархочо Ибаев Руслана, шегахь хиллачу Тухаева Жанеттица ца вуьтуш, шайн ши кIант шеца витар доьхуш чуделлачу дехарца боьзна сацам арахецна Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь.

Сацамо дихкина кхелаша церан хьокъехь кхоччуш къастаяллалц йовллалц Тухаевана а, Ибаевна а бераш деха меттиг хийца, хаам бина "Правовая инициатива" проектерчу Тухаеван адвоката.

2016-чу шарахь дуьйна къуьйсу дас-нанас ши бер - Абубакар а, СаIид а. Тухаевас дийцарехь, Ибаевс шозза дIаваьккхина цуьнгара ши кIант, ткъа жимахниг кхиош вац иза цуьнан 6 бутт кхаьчначул тIаьхьа дакъалаьцна а.

Воккха кIант дас нана ган вохуьйтуш вац 2014 шарахь дуьйна.

"Правовая инициативан" юриста билгалдаьккхира сацам низамца богIуш бацар – Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело къовсам листина баьлла а, иза лелаш а хиларна.

  • Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело ши бутт хьалха листира Тухаева Жанеттин арз: юхабаьккхира хьалха кIоштан кхело Тухаеван бакъонаш эшош бина сацам, бихкира бераш деца бен хила ца магош арахецна къастам, магийра нанна бераш ша ехачу метте дIадига.

XS
SM
MD
LG