ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тепсуркаев Салманна иэхье таIзар дарх лаьцна дIахьедар дина Закаев Ахьмада


Нохчийчохь а, дозанал арахьарчу нохчаша а, Оьрсийчохь маьрша болх бан аьтто болчу хаамийн гIирсаша а кху деношкахь доккхачу халахетарца йийцарейо махкара 19 шо долу вахархо, Telegram-ан IADAT каналан авторех волу Тепсуркаев Салман, шен дена а, нанна а лоьш, "ша-шена" таIзар деш, верзина а ваьлла, шишанна тIе хууш яьккхина видео.

Оцу хиламан хьокъехь дIахьедар дина дозанал арахьарчу Ичкерин Iедалан министрийн кабинетан куьйгалхочо, Лондонехь вехачу политика Закаев Ахьмада.

"Иштта хIума нохчашна юкъахь хир дац моьттура суна, комментари ян иштаниг нислур а дац аьлла хетара. Амма селхана, оцу видеога хьажча, дIакхелхинчу сайн накъостех хьоьгуш Iийна со. Туьйранашкахь а вайна хир ду аьлла, хезар ду аьлла хIума дац хIара. Оццул маьттаза хIуманаш лелош чкъор гIоттур ду нохчашлахь, цо иза лелор ду, аьлла, цкъа а дагадеана дацара вайна" – аьлла Закаевс.

КхидIа цо бира массо а нохчашка кхайкхам: "Нохчийн мохк турпалхой кхиина латта ду. Турпалхойн цIий хуьйдина латта ду иза. Оцу цIийна тIехь турпалхой кхиош лаьттина латта а ду иза. Тахана махкарчу Iедале дIасаца, ма латтае къоманна тIехь харцонаш олу хан тIекхаьчна. …Махкара Iедалан векалш кхойкху ас шаьш лелочу харцонех дохкобовларе. Дозанал арахьарчу нохчашка боху ас: самадовла, ма хIаллакдайта шайн децIера халкъ! "

Къамел дерзош Закаевс йовзийтира Европерчу нохчашлахь къоман Iалашонаш кхочушъян лерина рогIера юкъараллин цхьаьнакхетаралла кхолла йолу шен Iалашо.

Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь IADAT пабликехь араелира тахана наха гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце бохура хьостанан администрацино. Ша нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, ша царна баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, элира Тепсуркаевс.

Хиламна комментари йиначех ву Оьрсийчоьнан президентан цIарх Нохчийчохь адамийн бакъхонашна тIехьажархо волу Нухажиев Нурди. Хилларг кIоршаме, иэхье зулам ду, шен хьукмато толлур ду иза, аьлла цо.

XS
SM
MD
LG