ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчий ГIирмера "лохку" бохург бакъ ца до цигарчу Кадыровн векало


Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь Севастополан декъан бахархоша шайн гуламехь сацамбина меттигера кхиазхойх йолу йоI хьийзорна шайн кIоштахь бехачу нохчийн цхьа тоба макахъяккха, хаам баржийра Телеграмерчу "Подъем" канало.

Юьйцург ю Нохчийчуьра болх бан яхана гIишлошйоттархойн тоба, цхьа объект йина а яьлла, кхечу метте болхбан хIоьттина иза, дийцира Кавказ.Реалиига ГIирмехь Нохчийн куьйгалхочун векал волчу Хачукаев Iисас.

Цо бакъ ца дира нохчийн хьокъехь севастополхоша гулам бина бохург.

Кавказ.Реаалиин редакцин аьтто ца белира ГIирмехь хиллачух лаьцна цигарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера довза. Оцу урхаллин сайта тIехь а бац хилларг хьахош хаам.

  • Хьалхо информаци яьржира, Севастополан кхелехь толлуш ду Дагестанерчу вахархочо урс тоьхна меттигера вахархо вер, аьлла.
  • 2019 шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана довзийтира ГIирмерчу шен векалан гIовс Саидов Мурад лацар. Герз а, патармаш а даьхнера цуьнгара полицино.

Текстехь нисъяла тарло Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь лела топонимаш а, терминологи а.

XS
SM
MD
LG