ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен кIантана а, шена а автомат тоьхна дас Сухумехь


Сухумехь, тIекIелдинчу цIа чохь, герзаш диттина. Оцу хьокъехь хаам бина ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Абхазин прокуратуро.

Цо дийцарехь, чохь иккхинчу девнехь вахархочо Джакирба Шутияс ша цIахь кхобу Калашниковн автомат тоьхна, гайх кхо чов йина шен кIантанна Джакирба Астамурна, цул тIаьхьа, леш, герз ша-шена а тоьхна коьртах.

"Джикирба Астамур Республикан дарбан цIийне кхачийна, этIош ву лоьраша реанимацин декъехь. Халчу хьолехь ву иза цкъачунна", – боху хаамо.

"Толлуш ду хилларг, процессан къастам тIаьхьо бийр бу", – яздина прокуратуро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG