ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах 13 стаг кхелхина, 575 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах велла 13 стаг, цомгуш хилла цунах кхин а 575.

Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина 6 пациент, Ставропол-махкахь а, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – шишша. Юхьанца схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 1355 стаг.

Керла а, пандеми яьржичхьана а цомгуш хилларш:

• Ставропол-мохк +127 (13129)

• Краснодар-мохк + 90 (12020)

• ГIалмакхойчоь +84 (4966)

• Дагестан +80 (11678)

• Кхарачой-Чергазийчоь +65 (5651)

• ГIалгIайчоь +39 (4702)

• ГIебарта-Балкхаройчоь +35 (6792)

• Къилбаседа ХIирийчоь +26 (5137)

• Адыгей +21 (3567)

• Нохчийчоь +8 (2322)

Ерриг а хенахь коронавирусах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла, официалан статистико бахарехь, 69964 стаг, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 1 041 007.

  • Италерчу Iилманчаша шеко ю шайгахь Оьрсийчоьно кхоьллина вакцина кхоччуш пайде хиларх, цо иза арахеца кечъеш динчу зерашка тешам бац, аьлла деношкахь.
  • Росздравнадзоро къаройина Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш г1алат хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG