Iедална критика ярца евзачу "Фортанга" порталан хиллачу редакторна, шегахь наркотикаш карорна а, сепаратизманна а бехке вечу Майсигов Рашидна набахтехь даккха 5 шо хан тохар дехна кхеле ГIалгIайчоьнан прокуратуро. Оцу хьокъехь хаам бина Кавказ.Реалиига Майсиговн адвоката Аушев Мохьмада.
Адвокат тешна ву бехк доцчунна тIехь кхоьллина хиларх, цо дехна Майсигов мукъаваккхар. Гезгмашин-беттан 15-чу дийнахь хир ду девнан рогIера ладегIарш, пренешкахь къамел дийр ду бехкевечун шолгIачу адвокато.
Аушевс бахарехь, сепаратизманна Майсигов бехкевеш айдина шолгIа гIуллакх цкъачунна листа долоза ду кхело.
- 2019 шеран аьхка лецира Майсигов Рашид, бехке во наркотикаш лелорна. 2020 шеран Чиллан-баттахь, сепаратизм кхайкхош ву аьлла, Росфинмониторинго иза язвина сепаратистийн могIара. Оцу хьокъехь цунна дуьхьал айдина кхин а цхьа дов.
- Телеграмехула "Фортанга" канало бовзийтара Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь къастийначу дозанна резабоцчу бахархойн Магасерчу дуьхьалонан гуламера хаамаш. Гулам бохийначул тIаьхьа долийра цуьнан жигархой лецар.