Ницца гIалин мэра Эстрози Кристиана кхаарин дийнахь жоьпаш делла полицина ша Францехь бехачу нохчашна дуьхьал хьалхо динчу къамелан хьокъехь.
Иза Францерчу нохчийн диаспоро а, меттигерчу бакъонашларъярхоша а бехкевийриг ду цо "нохчаша кхечу къаьмнийн тобанашца наркотикийн базарара монополи къуьйсу ", аьлла дина дIахьедар. Иштта комментари елира цо Францерчу Дижонехь кхо бутт хьалха Нохчийчуьрий, Къилбаседа Африкерий схьабевллачу нехан иккхина дов довзуьйтуш.
Францерчу "Адаман бакъонийн лигано", зуламе ду куьйгалхойх волчу стага иштаниг дийцар, иза расизм ю, аьлла, кхеле велла Эстрози.
- Нохчийчуьра схьабевллачу дуккха а наха Ницца гIалин мэрна дуьхьал аьрзнаш хьовсийна шега, элира хьалхо гIалин прокурора Боном Ксавьес Францерчу журналисташка.
- Мангал-беттан 16-чохь Эстрози Кристиана BFM телеканална интервью луш дIахьедира, "нохчаша кхечу къаьмнийн тобанашца наркотикийн базарара монополи къуьйсу ", аьлла.