ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитетана зулам ца карийна Умаева Мадинин кхалхарца


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхаллина шозлаг1а а ца карийна гергарчарна иза йийна ю аьлла хета 23 шо долу Умаева Мадина кхалхар талла бух. "Умаева Мадинин г1уллакх " ц1е йолчу проектанна т1е а тевжаш, яздо оцу хьокъехь "Карара Хан " портало.

Дов даьлла марзхойн доьзалехь берашна 1едало деллачу ахчан декъах Мадинас телевизор эцарна, оцу хьолехь иза майрачо йийначух тера ду, ч1аг1дора еллачун гергарчара.

Товбеца-бутт боьрзуш д1акъевлира зудчун ялар толлуш диллина хилла бехктакхаман дов, амма т1аьхьо, бакъоларъярхоша Оьрсийчоьнан Талламан коммитетан куьйгалхочуьнга кехат яздича, юхаг1аттийра иза.

Мангал-беттан 12-чохь Гуьмсехь елла 23 шо долу Устрада-гIалара схьаяьлла Умаева Мадина. Марзхоша еллачу буссанехь дIайоьллира иза. Талламан комитетан тIедилларца, эксгумаци йира еллачунна.

Хьалхо хааме даьккхира, йоьIан дакъа хьаладаьккхича цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедина, шен йоьIан дегIа тIехь муо гира шена, цундела иза йийна хиларх шеконаш ю шен боху цо аьлла. Жимачу зудчун марзхоша чIагIдора, эпилепси йолуш яра иза, лазар деана елла, бохуш. Кхо бер диссина Умаеван – кIант а, ши йоI а.

Хиллачун дуьхе кхиа юкъагIоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. Конфликтан массо а декъашхошца цо гулам дIабаьхьначул тIаьхьа, еллачун нанас Хутмата шена гечдар дийхира невце Хамидов Висхьаьжега а, цуьнан нахе а, ша "доцург" дийцарна.

Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре бевллера оцу инцидентан хьокъехь бакъонашларъярхой, Умаеван гIуллакх таллар Нохчийчоьнал арахьа хилийтар доьхуш а, цунна тIехь цо шен Iуналла дар хьоьхуш.

XS
SM
MD
LG