ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н нохчийн латархо Чимаев Хьамзат: "Ас цкъа а дохор дац нохчийн гIиллакхаш а, ламасташ а"


Чимаев Хьамзат (аьрру агIор)

Гезгамашин-беттан 19-чохь Америкерчу Невада штатехь лата везаш ву нохчех схьаваьлла Абсолютан латархойн чемпионатан (UFC) рекордхочун статусехь волу Чимаев Хьамзат. Иттех деношкахь шозза толам баьккхина ву иза.

Катарехь шеца тасавеллачу Филлипс Джона 124-зза тохар дира цо, шозза бен тIех ца долуьйтуш. ШолгIа Макки Рисца леташ а туьйлира Чимаев. Цхьа тохар тIех ца долуш, 68-зза буйнаш биттира цо цунна. ТIаьххьарчу шина турнирехь 100 000 долларшкахь ахча даьккхина цо. Цул тIаьхьа UFC-хь гоьвелира иза.

Дуккха а хан ю Чимаев Швецехь вехаш волу. Итт шо хьалха дIавахара цига цуьнан ваша, цул тIаьхьа боллу церан доьзал дIакхелхира Швеци.
Даймохк дIатасаран бахьана дара цхьахволчу вешин телхина могашалла, операци хиллера цунна ян езаш. Барт хилира доьзалан, Швецехь иза яйта.

Спортан карьеран юьххьехь хадархочун болх бина Хьамзата кегийрхойн, буьсанна неIарш йоьллучу клубашкахь а, иштта, шело латточу гIирсийн фабрикехь а.

Октагонехь толамаш баьхначул тIаьхьа, цуьнан фанаташа UFC-н кхечу спортхочуьнца Нурмагомедов Хьабибца нисвина вийца ваьккхира иза.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Чимаевс дийцира, ша UFC муха кхаьчна а, шен толамех дIоггара дозалла стенна ца до а, иштта, дийцира, шен махкахошна шех хетачух а.

- Хьамзат, итт дийнахь шозза UFC-н чемпионатехь латар нисделла хьан. ТIехула тIе, шоззе а рекорде жамIаш а хуьлуш, толамаш баьхна ахь. Ларамза хилла хIума ду иза, йа хьо тешна вара, шолгIа а айхьа толам боккхур бу аьлла?

- Суо кийча вуйла хьаара суна. Амма билггал тешна вацара, цу шина а турнирехь сайн аьтто бер бу аьлла. Хьалхара латар дирзинчул тIаьхьа, ас дехар дира, кхин а цхьанца тасавала сайн аьтто бахьара аьлла. Делан къинхетамца, сан ка елира цу тIехь.

- Ткъа муха кхаьчна хьо UFC-н чемпионате?

- Сан менеджерца цхьана оцу тIехь къахьоьгуш вара тхойшиъ. Ас цхьана кечамаш беш хилла сан доттагI Алекс а(гоьваьлла Швецин латархо Густафссон Александр - редакцин билгалдаккхар), со а кийча вара оьшшучу хенахь чемпионатехь дакъа лаца ваха. Хьалххе кемана эцна билеташ а дара тхан. Нагахь санна, цхьаъ юкъарваьлла хIума хилахь, тарло шуьшиъ лата юкъавалон аьллера тхоьга. Латарш хила ши де диссинчу заманчохь телефон а тоьхна, хаьттира соьга, лаьий хьуна, аьлла. Со-м реза хилира. Иштта нисделира сан UFC-хь дуьххьара хилла тасавалар.

- Дийцахьа хьайн тренерех а, гIоьнчех а лаций.

- Сан коьртачу тренеран цIе Андреас ю. Швецин боксан Олимпикан тобан тренер лаьттина ву иза. Иштта, ву сан джиу-джитсун тренер а, иттозза чемпион ваьлла, иштта латаршкахь а цхьана, UFC-н хилла спортхо. Цара гIо до суна кечамбан.

- Латаран дикалла хиларал совнаха, UFC-хь коьрта ду, спортхочунна ша дIагайта хаар а. Муха Iемина хьо цунна?

- Вайлахь, нохчашлахь, ца тов коча лелар, цхьаннах тарвала гIертар. Сайн воккхахаволчу вешигара масалш а лехьош, кхиъна ву со. Цо сайна гайтинарг а, Iамийнарг а бен хууш вац со. Секци а вахара со дуьххьара, ваша цига лелаш хиларна. Латарийн къовсадаларшка оьхура со Оьрсийчохь. Пайден зеделларг дара иза. Тахана сан леларан кеп - хIетахь ас Iамийна, тIехь диссинарг ду. Ас цкъа а ца лелайо моттаргIанаш. Ас олург а, дийриг а даггара ду.

- Шаьш толам баьккхича, цхьаццаболу спортхой баккхийбуьйш кхийсало, рингана обанаш йоху, стигала куьйгаш кхийдадо, иштта кхин дIа а. Ткъа хьо къежа а къежаш, лаьтта. Иштта собаре ву хьо, я леррина и кеп лаьцна ю хьан?

- Уьш боккъал а баккхийбуьйш хуьла. Суна а хазахета, делахь а, сол а чIогIа шайн толамах уьш гIадбахча санна хета суна. ХIара дерриге а, сайн болх санна, тIеоьцу ас. Толам хьаъа а баккха тарло, со а тарло эша а. Цундела, нахана юкъахь тIех сов эмоцеш гайтар товш ца хета суна. Жима волуш дуьйна Iедал дара сан, тхайн урамерчу берашца латарехь айса толам баьккхича, мохь бетташ. Сан дас гуттар а дов дора суна, "мохь ма хьекха" бохуш.

- Цхьа нохчо гоьвалахь, цуьнан махкахошна хета, цунна хьехарш дан декхаре ду шаьш аьлла. Къаьсттина, нахана юкъахь муха лела веза, хIун ала деза, хIун дийца ца догIу бохуш, хуьлу и хьехарш. Оцу тIехь хьо а тесна витина хир вац цара. Ишта меттиг нисбелча, хIун до ахь?

- Дуккхаъчу вайн махкахоша диканиг яздо соьга, суна тов и. Цхьаберш хуьлу со Iамон гIерташ. Со-м кхета, суна са гатдеш, уьш хьизий. Делахь а, сайна дика хаьа аьлла хета суна, дан дезарг. Ас дегабаамаш ца бо царна. Цхьаболучара бехкаш доху соьгара, ас интервьюхь дина къамелаш бахьана долуш. Иштта ала, вуьшта ала бохуш, яздо. Делахь а, ма хетта ма ца нисло дерриг а, хьуна тIе камера хьажийча. Наггахь сагатдо ахь, гIалат валарна кхоьру. Хьаштдоцург алало-кх иштачохь.
Сайн манерехь ас UFC-н латархой йохье бахарна реза ца хуьлуш берш а нисло. Иштта спорт ма ю хIара. Тийна-тапъаьлла, цхьана меттехь латтар дика дац, кхузахь иштаниг чекх ца долу. Летта ваьллачул тIаьхьа, со цхьа кхетам боцург санна лаьтташ хилча, тахана санна гоьваьлла хир вацара со, нахана со вуйла а хуур дацара. ЧIагIо йоллуш, цхьа хIума-м эр дара ас: сайн къамелехь цкъа а нохчийн Iадатех, ламастех, гIиллакхех ваьлла вац со. Вера а вац.

- UFC-хь летта, толамаш баьхна, айхьа даьккхина ахча стенна дайъира ахь?

- (Къежа) Цкъачунна и доллу ахча соьга схьакхаьчна дац. Шен цхьа процедура ю и ахча схьадаларн а. Гонорар елира суна дуьххьарчу латарх. Уггар а хьалха, сайн нанна а, доттагIашна а совгIаташ ийцира ас. Ахчанан цхьа дакъа Нохчийчохь дIасадекъийтира. СадоIуш дайъира цхьадерг. Испани вахана цхьа йоцца хан яьккхира ас. Цигара юхавирзича, кхин дIа а кечамаш бан волавелира.

- UFC-н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца нисвина вуьйцу хьо латаран фанаташа. ХIун аьлла хета хьуна, цуьнца октагонехь цхьанакхета тарлой хьо?

- И хир ду аьлла, ойла яц сан. Кхин а 2-3 ша толам баьккхинчул тIаьхьа, октагон цо юьтур ю аьлла хета суна. Со хIинцца бен волалуш вац, ткъа иза шен карьера ерзош ву.

- Хьайна таро елча къастам бан: хьаьнца хилийта лаьара хьуна хьайн рогIера латар?

- Царех цхьаъ - Макгрегор Конор ву, хIунда аьлча, къаьмнийн юкъаметтигаш а хьехош, дукха совнах къамелаш до цо. ТIаккха, спортехь ахча а маьIне ма ду. Цуьнца тасавеллачохь ас толам баккхахь, дукха а перспективаш хир яра сан. Нахана гIо дан алсам таронаш хир яра сан тIаккха.

***
Гезгамашин-беттан 19-чохь Лас-Вегасехь дIахьочу UFC Fight Night 178 чемпионатехь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Мершарт Джеральдца цхьанакхетар ву Чимаев Хьамзат. "Нохчийн латархочун хазачу историна тIадам хIоттор бу" ша, "хайпаца болу цуьнан цIерпошт шух чу а хоьцур бу" ша аьлла, чIа1Iо йина ву иза.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG