ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телеграмерчу 1ADAT каналехула арабуьйлучу хаамашна Закаев Ахьмад бехкевина Нохчийчоьнан парламентан спикера


Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада комментари йина Британехь вехачу политика Закаев Ахьмада еллачу видеоинтервьюна. Закаевгара "доьхур ду", Нохчийчохь Iедало бахархой хьийзабо бохуш, къайлах болх бечу Телеграмерчу оппозицин ойла яржочу 1ADAT-канало арабохучу хаамийн хьокъехь, дIахьедина цо.

"250 эзар сом алапа оьцучу нохчийн, Iедалан, низамхойн, шайн зударий, наной, йижарий сийсазбеш мел олучун тIера хIинцачул тIаьхьа хьоьгара жоп деха дезар ду. Амма ма олийла ахь тIаьхьа, тхо хьох нийса ца кхетта, айхьа дашна аьлларе. Жоп дала дезар ду хьан хьайн дешнех", - аьлла Закаевга Даудовс.

Закаев Ахьмада Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь 1ADAT-каналехула къамел дира махкара вахархо, каналан жигархо Тепсуркаев Салман сийсазвеш яржинчу видеоца доьзна. Хилларг вуно эхье хIума ду Кадыровн Iедална а, дерриг нохчийн къоманна а, бохура политика.

Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.

  • Телеграмерчу

    1ADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.
XS
SM
MD
LG