ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев Ахьмада видеокъамел динчул тIаьхьа цуьнан вежарий, йижарий лецна Нохчийчохь


Нохчийчохь лецна, цкъачунна евзаш йоцчу метте дIабигина Лондонерчу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан гергарнаш – ши ваша а, ши йиша а. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаийтина ша Закаевс.

Шен гергарнаш лецар Закаев Ахьмада дузу ша 1ADAT каналан а, цунна болх бечу кегирхойн а агIолоцуш, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар, нах, кхело къастош а доцуш, лоьцуш хилар емалдеш оцу каналехула динчу къамелца.

Карарчу кху муьрехь шен вежарийн, йижарийн бераш дIалоьцуш ду Нохчийчохь, элира Закаевс.

  • Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада еарин дийнахь комментари йира Британехь Закаев Ахьмада еллачу видеоинтервьюна. Закаевгара "доьхур ду", Нохчийчохь Iедало бахархой хьийзабо бохуш, къайлах болх бечу Телеграмерчу оппозицин ойла яржочу 1ADAT-канало арабохучу хаамийн хьокъехь, дIахьедира цо.

XS
SM
MD
LG