ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйца дерг талла оьшуш дац, аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу Оьрсийчоьнан векала


Оьрсийчоьнан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Небензя Василийс, бух бац, аьлла, Навальный Алексейна дIовш далар талламе дилла. Оьрсийчуьрчу лоьрашна ца карийна оппозицерчу политикаца химин герзан лар, ткъа Германино ца гайтина Навальныйна дIовш делла хиларх долу тоьшаллаш, билгалдаьккхина цо.

Шен дIахьедар Небензяс дина Шемахь химин герз лелорца доьзна Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин Кхеташо гулъеллачохь. Вашингтоно Оьрсийчоьне Навальныйна зулам дар таллар доьхуш бинчу кхайкхаман хьокъехь дара и къамел. Штатийн кхайкхам къобалбинчу пачхьалкхашлахь ю Бельги, Британи, Германи, Эстони.

Оьрсийчоьнан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Небензяс бахарехь, массарел а хьалха хилларг ма-дарра хаа луучех ю ша Оьрсийчоь. Ситуаци "цхьаммо лелош боьха ловзар ду аьлла хоьтуьйтуш ю", элира цо.

Кхеташонехь шен рогIехь къамел динчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн векала Норман-Шале Черита дIахьедира, Вашингтоно шех дозург дерриг а дийр ду Навальныйна дIовш даларна бехкеболучаьрга жоп дехарехь, аьлла. "Оьрсийчоь Новичок" дIовш хьалха а лелийна. Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю, шайн кхетам бахьанехь таIзар дарна а ца кхоьруш, бакъдерг довза", - аьлла цо.

Деношкахь Германин Iедало довзийтина Берлинерчу клиникехь Навальныйна йинчу анализаша цуьнца химин герзан лар хилар гойту жамIаш, дIакхачийна уьш химин герз доьхкучу дуьненаюкъарчу хьукмате а (ОЗХО). Оцу хьукматерчу Оьрсийчоьнан векалто а аьлла, анализан жамIех йолу информаци бакъ яц.

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра ваьллера Томскера Москва доьдучу кемана тIехь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанаца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Ши дей, буьйсий даьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу лоьраша дIахьедира, юучуьнца цатам хилла аьлла, амма цунна дIовш делла бохучу Навальный агIончийн верси, тIе а ца йитинера.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" олучу клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, оппозиционеран организмехь холинэстеразан ингибаторан группера токсин хааелла шайна аьлла. Цу юкъа йогIуш ю, доккхачу декъанна, "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG