ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терроризмаца доьзна девне озийна Дагестанера 6 вахархо


Дагестанерчу Дербентан кIоштарчу 6 вахархочунна дуьхьал терроризмаца доьзна бехктакхаман гIуллакх гIаттийна, хаам бина Талламан комитетан республикерчу урхалло.

"2019-чу шеран Дечкен-баттахь бехкебечара террорхойн тоба кхоьллина, зуламаш дан Iалашо йолуш, декъаийзийна кхиболу нах а", - боху хьукматан пресс-векалто.

Талламчаша дийцарехь, зуламашна кечамбеш, тобан декъашхоша Iамораш дIадаьхьина, караерзийна лелха коьчал ен корматалла, кар-кара луш лелийна герзаш а, лелха коьчалш а. Лецначийн Iалашо хилла Iедалан ницкъашкарчу белхахошна кIелонаш ян а, меттигера цхьаболу нах хIаллакбан а, аьлла ю талламан верси.

  • Кавказ.Реалиино хьалхо довзийтира Дагестанан вахархочунна Даитбеков Шемална набахтехь даккха 8 шо кхайкхор. Низамехь йоцчу тIеман гIеранехь леларна бехкевира иза.
  • 2019-чу шеран аьхка дуьйна лаьцна латтош ву Дербентера кхо вахархо - Курбанов Гасан, Барзукаев Ислам, Мирзалиев Мирзали. ТIеман гIера кхолларна а, терроризманна а бехкебо уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG