ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин блогер Ломаев Муса вен гIоьртина стаг лаьцна Финляндехь


Селхана, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Нохчийчуьрчу Iедална интенетехула критика еш схаьвогIу блогер Ломаев Муса вен гIоьртина стаг лаьцна Финляндехь. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина ша Ломаевс.

Цо дийцарехь, Финляндерчу низаман урхалло ха хIоттийна цунна тIе, дихкина таллам боьдучу юкъанна ша социалан машанашкахула ен эфираш дIакхехьа.

"Со ца кхоьру, кхерамаш тийсарх а, суна иза кIезиг хIума ду, амма сайн доьзална хьалха жоьпалла ду сан, Финляндерчу кхерамзаллин урххаллаша сайга бохург ца дича а ца волу", - элира Ломаевс Кавказ.Реалияга.

Блогерехь йолчу информацица, иза вен Iалашо йолчу агIоно ах-миллион доллар луш хилла киллерна.

  • Ломаев Мусас канал леладо Ютубехь, критика йо Нохчийчуьрчу Iедална. Кавказ.Реалиина ша хьалхо еллачу интервьюхь цо дагалецира 2004 шарахь ша Соьлжа-ГIалахь Iедалхоша вадор а, террор лелорна бехкевар а, шена тIехь гIело яр а. Цунна тIехь Iазап латторах лаьцна алссам довзийтира Политковская Аннас.

XS
SM
MD
LG