ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра схьаваьлла стаг лаьцна Украинехь ДАIИШхо хиларх йолчу шеконца


Украинан кхерамзаллин урхалло Киевехь шозлагIа а лаьцна 30 шо долу Шела гIалара схьаваьлла С.-А. Юсуп. Оцу хьокъехь Кавказ.Реалиига хаам бина Украинерчу вайнехан диаспорин векала. Цо дийцарехь, талламан изоляторера арахецна, дIавоьдуш лаьцна С.-А. Юсуп.

"Изоляторера неIарх араволлушехь, куьйгаш дихкина, дIавигина. ХIинца Кхерамзаллин урхаллин (СБУ) изоляторехь ву иза", - элира Кавказ,Реалиига хьостано. Ткъа герз лелорна бехкевечуьра Киеван Десняцки кIоштан кхело мукъаваьккхина, талламан изоляторера араволуш хила иза шозлагIа лоцуш.

Украинерчу низамхоша бахарехь, Оьрсийчоьно лаца кхайкхийна а ву С.-А. Юсуп.

Украинан кхерамзаллин урхалло махкарчу хаамийн гIирсашкахула, бIаьргаш къайла а баьхна, сурт даржийна цуьнан, Юккъерчу Азера схьабевллачу нахах ДАIИШе хьажо тоба кечйина стаг лаьцна ша, аьлла.

  • Шо хьалха Украинерчу полицино герз лелийна аьлла лецира С.-А. Юсуп.. Цо харцдора ша герз лелийна бохург. Цуьнан адвоката а чIагIдора, цуьнгахь я герз а я иза лоцуш гойту тоьшалла дац.
XS
SM
MD
LG