Закаев Iелас, Британехь вехачу нохчийн политикан Закаев Ахьмадан вашас, бакъ бац аьлла, ша Нохчийчуьрчу Iедалхоша вигина бохург. Оцу хьокъехь цуьнан къамелан аудио яржийна меттигерчу хаамийн гIирсаша.
"Со а, сан гергарнаш а "бовдийна" хиларх суна хаамийн гIирсашкара хиина. Ца кхета, стенгара яьлла ишта информаци. Со кху сахьтехь могуш-маьрша, сайн цIахь ву. Бакъдерг аьлча, суна ца хаьа сайн вашас хIун дIахьедар дина, амма ас тоьшалла до шуна, сох а, сан гергарчех а хилла хIума дацарх, тхо массо а цIахь ду", - аьлла Закаевс "Грозный-информ" агенталле.
Цо иштта билгалдаьккхина я шен а, я шен гаргарчийн а Нохчийчоьнан Iедалхошца контакт хилла яцар.
Де хьалха Закаев Ахьмада дийцира, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнан Iуьйранна Хьалха-Мартанарчу шен гергарчийн хIусамашка Iедалхой баьхкина, цара шен ши ваша а, ши йиша а дIадигина, болу меттиг шена хууш яц, аьлла.
Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада кхерам тесира Закаевна, цуьнгара "хаттам хир бу" оппозицин 1ADAT телеграм-канало бечу балхах, аьлла. Бахьана дара и ресурс латточийн декъашхо хилла жимстаг сийсазвеш яьккхина видео яьржича, Закаев Ахьмада цу чухула дина дIахьедар.
- Ша 19 шо долу Тепсуркаев Салман, 1ADAT телеграм-каналехула нах сийсахбеш лелла цуьнан администратор ву, аьлла, верзина, гола хиина Iечуьра гIаьттина, ша-шена таIзар дечуха, шишанна тIехиира иза. И видео ю дуккха а хьосташкахула яьржина, наха оьгIазе йийцаре еш.
- "Новая газето" Тепсуркаев лачкъийна Гезгмашин 5-чохь, Нохчийчоьнал арахьарчу иза болх бан вахана хиллачу меттера, чIагIдо. Редакцехь бух бу иза Соьлжа-ГIаларчу леррина операцеш дIакхоьхьучу ницкъаллин "Терек" тобан базехь латтош ву ала. Бакъоларъечу "Мемориал" центро дехна низамийн тергоечу урхаллашка хилларг талла.
-