ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу Iедална критика йина Тепсуркаев сийсазварх лаьцна арз чуделла Европан кхеле


"Iазапна дуьхьалоечу комитетан" ("Комитета против пыток") юристаша Нохчийчуьрчу вахархочун Тепсуркаев Салмананна накъосталла деш, арз хьажийна иза тIе видеокамера а ерзийна, шишанна тIехаоран хьокъехь. Масех де хьалха Краснодар-махкарчу Геленджикера лачкъийна вигина вара иза Соьлжа-ГIала.

Дуьненаюкъарчу адмийн бакъонийн Конвенци стаганна тIехь Iазап латтор, адамаллин бакъонаш талхор доьхку низамаш хьашна Тепсуркаевца доьзна, боху Страсбурге хьовсийначу документаша.

Бакъоларъярхоша дехна кхеле сихха Оьрсийчоь Тепсуркаев волу меттиг йовзийта а, иза мукъавоккха а декхареяр.

"Карарчу ханна йолчу информацина тIе а тевжаш, ала тарлуш ду Тепсуркаевна т1е1аткъам бийриг низамлардаран ницкъаш хилар, цара иза лачкъийна хилар", – дIахьедина "1азапна дуьхьалоечу комитетан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхочо" Пискунов Дмитрийс.

  • Ша 19 шо долу Тепсуркаев Салман, 1ADAT телеграм-каналехула нах сийсахбеш лелла цуьнан администратор ву, аьлла, верзина, гола хиина Iечуьра гIаьттина, ша-шена таIзар дечуха, шишанна тIехиира иза. И видео ю дуккха а хьосташкахула яьржина, наха оьгIазе йийцаре еш.
  • "Новая газето" Тепсуркаев лачкъийна Гезгмашин 5-чохь, Нохчийчоьнал арахьарчу иза болх бан вахана хиллачу меттера, чIагIдо. Редакцехь бух бу иза Соьлжа-ГIаларчу леррина операцеш дIакхоьхьучу ницкъаллин "Терек" тобан базехь латтош ву ала.

XS
SM
MD
LG