ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса 12 вахархо велла, 591 цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбасела Кавказехь COVID-19 уьнах дарбан хIусамашкахь д1аваьлла 12 стаг, керла цомгуш хилларг ву 591.

Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 6 стаг велла, Дагестанехь – 4, Ставропол-махкахь – 2. Пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь велла 1390 вахархо.

Дийнахь-буса а, ерриг хенахь а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк +135 (13526)
  • Краснодар-мохк + 90 (12285)
  • ГIалмакхойчоь +88 (5247)
  • Дагестан +83 (11926)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +63 (5840)
  • ГIалгIайчоь +41 (4814)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +37 (6901)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +29 (5220)
  • Адыгеяй+21 (3630)
  • Нохчийчоь +4 (2337)

Таханенна цомгуш хилларг ву Къилбаседа Кавказехь COVID-19 уьнах 71725 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь цомгуш хилла коронавирусах 1 057 362 стаг.

XS
SM
MD
LG