Вадийна волчу 19 шо долчу 1ADAT телеграм-каналан модераторан Тепсуркаев Салманан дас Тепсуркаев Ширванис видео яржийна, ткъа иза гайтина Инстаграмерчу "Грозный" телеканалан агIонехула Гезгмашин-беттан 12-чу дийнахь. Шен воI Нохчийчохь вац, аьлла цо.
"Сайн воI Салман чохь волчу оцу эхьечу видеох лаьцна ала лаьа суна. Иза мехкал арахьа вара, ша болх беш ву олура, тхоьга ладугIуш а вацара. Ткъа и хилларг иза волчу оцу меттехь хилла ду", - аьлла Тепсуркаев Салмана.
Цо дIахьедина, Нохчийчуьра Iедал декъахь дац воIаца нисделлачунна, и инцидент Нохчийчохь хилла а яцарна, аьлла.
КхидIа къамел деш Тепсуркаевс элира: "Вистхир вара со оцу тIехь пиар ян гIертачаьрга. Европехь болчу, цу тIехь баллаш яха гIертачу цхьацца нахе. Ма гIерта оцу юкъа, шуьга хоьттуш вац цхьа а, оха тхаьш къастийна, хIун, муха нисделла. И къасто тхуна гIодина республикерчу Iедало. Вайн Iедал а, вайн халкъ дац цигахь бехке. Иза махкал арахьа нисделла".
"ДIадирзина дерриг а", аьлла Тепсуркаев Ширванис.
Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.
- Телеграмерчу 1ADAT канало ша схьайиллинчу 5 бетта чохь шена гонах гулвина 6000 сов ешархо. "Кадыров Рамзанан режимна дуьхьаллаттархой" олу шаьш-шайх пабликан авторша. Цара дуьйцу, гойту махкахь нах лечкъорах лаьцна а, Iедалан белхахоша бахархошна бечу Iаткъамех лаьцна а.
- "Iазапна дуьхьалоечу комитетан" юристаша арз хьажийна Тепсуркаев Салманан бакъонаш талхоран хьокъехь Европерчу адамийн бакъонийн бакъонийн кхеле.