ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

IАДАТ-ан модераторна дина таIзар нийса ду, аьлла Нохчийчоьнан муфтийс


IАДАТ телеграм-каналан 19 шо долчу модераторна Тепсуркаев Салманна таIзар дина нах бакъ а беш, Британехь вехачу нохчийн оппозицин политике Закаев Ахьмаде вистхуьлуш, видео дIаязйина Нохчийчуьрчу муфтийс Межиев Салахьа. Пачхьалкъан "Грозный" телеканалан Инстаграмерчу сайте хIоттийна и видео.

"Вайн зударий аьшнашбеш, уггар а боьха къамелаш дина боьха хIума ю иза. Вайн наха иза лаца а лаьцна, шайн чIир эцна цуьнгара, ван ма веззара сийсазвеш",- аьлла муфтис.

Иштта Межиевс хьахийна, кху деношкахь оппозицин IАДАТ телеграм-каналан модератор ша ву аьлла, дIахьедина Закаев Ахьмад а. Муфтис кхерам тесна цунна, "хьо каронза вуьссур вац" аьлла.

"Со церан да ву аьлла, охьахиина хьо, Закаев, цаьрца хила там болуш хIума ю хьо. Ахь муха до нохчийн къоман цIарах къамел, масийтта шо хьалха дуьйна хьайн гергарчара а цхьана долара ваьккхина волчу? Хьо тайпанан а вац, тукхуман а вац, хьо хIумма яц аьлла, дIахадийна волу хьо, ахь муха до къамел? Далла кIелхьара ваьлла ваха меттиг болуш ма вац хьо, жоп доьхур ма ду хьоьгара. Цу тIехь шеко яц! ", - аьлла, дIахьедина муфтис.

ТIаьххьарчу масех дийнахь нохчийн лаккхарчу даржхоша цхьабоса дIахьедарш дира, Закаевга шога бистхуьлуш.

Бахьана дар, Закаев Ахьмада Гезгмашин-беттан 8-чу дийнахь IADAT-каналехула къамел дар, махкара вахархо, каналан жигархо Тепсуркаев Салман сийсазвеш яржинчу видеоца доьзна. Хилларг вуно эхье хIума ду Кадыровн Iедална а, дерриг нохчийн къоманна а, бохура политика.

Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь IADAT пабликехь араелира гIараяьккхина юьйцу видео. Иза Тепсуркаев Салмана ша хьажийна редакце, бохура хьостанан администрацино. Ша IADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG