ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна дIовш делла хилар тIечIагIдина кхин а шина лабораторехь


Германин дехарца Францерчу а, Швецерчу а йозуш йоцучу шина лабораторино Оьрсийчоьнан оппозиционеран Навальный Алексейн анализаш зийначул тIаьхьа, тIечIагIдина бундесверан лабораторин жамIаш: билггал "Новичок" олу дIовш ду цунна тIелатар деш лелийнарг аьлла. Германин Iедалхоша бина и хаам оршотан дийнахь.

"Карарчу хенахь кхаа лабораторехь тоьшаллаш дина, Навальныйна билггал "Новичок" олучу химин дIовш делла хилар", - аьлла ду, Германин Iедалхойн сайта тIехь бинчу хаамехь.

Германино иштта дIахьедина, шаьш Навальныйх эцначу зерийн кепаш химин герз дихкинчу Организацин (ОЗХО) эксперташка дIакхачийна аьлла. Церан лабораторешкахь кхин дIа а толлур йолуш ю уьш, аьлла.

"Оха юха а кхайкхамбо Оьрсийчоьне, хиллачух кхетаде тхо аьлла. Тхайн Европерчу партнерашца контактехь ду тхо, кхин дIа дендолчух дуьйцуш", - боху хаамехь.

"Цхьа а шеко йоцуш" Навальныйн организмаца "Новичок" олучу группера дIовшан лараш карийна аьлла, дIакхайкхийра бундесверан лабораторина тIетевжина Германин Iедалхоша карарчу беттан 2-чохь.
Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Маас Хайкос дIахьедира, тIедогIучу масех дийнахь шалха маьIна а доцуш, жоп дала деза Оьрсийчоьно, хIун ду оппозиционерна хилларг хоуьйтуш аьлла. Нагахь санна, жоп ца лахь, шаьш дуьхал бекхам баран кепаш юьйцур ю шайн Евробертан пачхьалкхашкарчу партнерашца аьлла. Мааса къадийра, "Северный поток-2" биргIа хьалаяран проектех хьакхабала а тарло шайн барамаш аьлла.

Оьрсийчоьнан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацерчу векала Небензя Василийс, бух бац, аьллера, Навальный Алексейна дIовш далар талламе дилла. Оьрсийчуьрчу лоьрашна ца карийна оппозицерчу политикаца химин герзан лар, ткъа Германино ца гайтина Навальныйна дIовш делла хиларх долу тоьшаллаш, билгалдаьккхинера цо.

Деношкахь Германин Iедало довзийтира Берлинерчу клиникехь Навальныйна йинчу анализаша цуьнца химин герзан лар хилар гойту жамIаш, дIакхачийна уьш химин герз доьхкучу дуьненаюкъарчу хьукмате а (ОЗХО). Оцу хьукматерчу Оьрсийчоьнан векалто а аьлла, анализан жамIех йолу информаци бакъ яц.

  • Оьрсийчоьнан оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра ваьллера Томскера Москва доьдучу кемана тIехь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанаца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Ши дей, буьйсий даьллачул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу лоьраша дIахьедира, юучуьнца цатам хилла аьлла, амма цунна дIовш делла бохучу Навальный агIончийн верси, тIе а ца йитинера.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" олучу клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, оппозиционеран организмехь холинэстеразан ингибаторан группера токсин хааелла шайна аьлла. Цу юкъа йогIуш ю, доккхачу декъанна, "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш.

Комментареш

New Comments Available

Пайхамарна ехкина карикатураш гайтарна Францехь хьехархо вер муха туьду аш?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG