ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусах 7 стаг кхелхина, 575 цомгуш хилла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина ворхI дархо, лазар къаьстина 575 пациентца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу Оперативан штабо динчу зерашца, Краснодаран кIоштахь велла виъ, Ставрополан кIоштахь кхоъ, Дагестанехь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-19 вирусах 1 409 пациент. Ставрополан кIоштахь дукха бу ун кхетта нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь бинчу талламашца - 136:


• Ставрополан махкахь +136 (13 799 ву эпидеми йолаелчхьана)
• Краснодаран кIоштахь̆ + 92 (12 469)
• Дагестанехь +84 (12 092)
• ГIалмакхойчохь +63 (5 378)
• Кхарачой-Чергазийчохь+63 (5 962)
• ГIалгIайчохь +42 (4 901)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+40 (6 981)
• Къилбаседа ХIирийчохь +30 (5 280)
• Адыгейхь +19 (3 669)
• Нохчийчохь + 6 (2 347)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь инфекци яьлла ву 72 878 дархо. Оперативан штабан информацица, Оьрсийчохь билгалваьлла COVID-19 вирус кхетта 1 068 320 стаг.

Росздравнадзоро къаройина Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хиллачийн терахьаш гIалат хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG