ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев: "IАДАТАН" модераторна ницкъбарна Iедалхой бехкехиларх тоьшаллаш ду


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

IАДАТ телеграм-каналан 19 шо долчу модераторна Тепсуркаев Салманна тIехь ницкъбар толлуш ву ша аьлла, шена Нохчийчуьрчу Iедалхоша бехкаш дахкарна дуьхьал дIахьедар дина Британехь вехачу оппозицин политико Закаев Ахьмада. Шен YouTubeрчу каналехь Iораяьккхина цо видео.

ЦIераш а ца йохуш, харц цIерашца вистхилла Закаев республикан Iедалан коьртехь лаьттачаьрга - "Хосин-Юьртара академик", "Кучер", "Сторож", "Путинан муфти" аьлла. Оцу цIерашца бевзаш бу халкъалахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан гIоьнча, Думан депутат Делимханов Адам а, парламентан спикер Даудов Мохьмад а, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь а.

"Академик, ахь дIакхайкхийра, иза динарг мила ву хьайна хууш дац аьлла. Ас дIахоуьйту хьоьга, маца, муха дина ду и зулам. Талламаш бечу юкъанна тхуна къаьстира, хьан доттагIчо "Кучеро" ду дина ду иза. Хьан гонерчу наха тхоьга схьахаийтарца, хьан пурбанца яржийна а ю и видео. Со царех теша, хIунда аьлча, хьоьгара пурба доцуш, цхьа а хIуттур вацара хIуммаъ а дан", - аьлла, билгалдаьккхина Закаевс.

Бинчу талламан жамIаш Европан Кхеташоне а, Европерчу адамийн бакъонийн кхеле а, ООН-ан Комиссариате а дIакхачор долуш ду аьлла, тIетоьхна Закаевс.

Нохчийн Iедалша ша тIеийзочу, "зударий сийсазбечу телеграм-чатах" ша воьзна вац, цул совнах, иза юйла а хууш вацара ша боху цо.

Иштта, Закаевс тергоне эцна, шен гергарчу нахана шога критика яр. Хьалхо цо хаийтира, шен гергара нах дIабаигарх.

"Оцу видео тIехь сайн гергарчийн декъий гар гIоле дара суна, оцу доьналлех бевллачу церан къамелашка ладугIучул а. (...) Шу тахана цIенчу сизах девлла, цундела маьршша къамел дан йиш ю сан, хIинццалц, сайн нахана сайгара сингаттам ца баккха садиттинехь а", - боху Закаевс.

Де хьалкха муфтис Межиевс видеокхайкхам бира Британехь вехачу Закаев Ахьмаде, "хьо каронза вуьссур вац" аьлла, кхерамаш а туьйсуш.

Закаевгара "доьхур ду", Нохчийчохь Iедало бахархой хьийзабо бохуш, къайлах болх бечу Телеграмерчу оппозицин ойла яржочу IADAT-канало арабохучу хаамийн хьокъехь, дIахьедира парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Думан депутато Делимханов Адама а, республикан муфтийс Межиев Салахьа а.

ТIе камера а хьажийна, шишанна тIехаийна 19 шо долу Тепсуркаев Салман вадийна хилла, хетарехь, полицица дакъа долчу меттигерчу наха. Иштта яздира "Новая газето", шегахь тоьшаллаш хиларх даре а деш. Редакцехь ю, газето яздарехь, Тепсуркаев маца, стенгахь хилла, муха вадийна къастош йолу информаци а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG