ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь вехачу блогеран Асламханов Мурадан гергарнаш дIалецна даймахкахь


Венера Мурад цIарца дика вевзаш волчу нохчийн оппозицин блогеро Асламханов Мурада бакъдина, даймахкара шен гергара нах дIабигина хилар. Кавказ.Реалиина Асламхановс дийцарехь, цуьнан цIийнах мел верг, иштта генара гергарлонаш долу нах а цхьана лецна хиллера шоьтан сатосучу заманчохь. Шина автобусахь хеттарш дан дIабигинера уьш боху цо.

Австрехь вехачу Асламхановс дийцарца, Ноьвран кIоштарчу Комсомольское олучу эвлахь бехачу цуьнан гергарчарна чулилхинера полисхой. Лецначарлахь хилла Асламхановн ненан ши ваша а, церан хIусамнаной а, бераш а, иштта, Иласхан-Юьртахь бехаш болу блогеран хIусамненан цIийнах болу нах а.

"Шайн йоI цIа ялайе, йа Австрехь цунах дIакъастийта бохуш, хьийзина уьш. Ца хуьлчу далахь, оха къаьстина аьлла, гайтина кехат а мега шайна аьлла", - дийцина Асламхановс портале.

Асламханов гоьвелира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзанае Австрин набахтера цо кхайкхамбича. Цо сийсазе къамел динера Кадыровга, цо а, цуьнан гоно а махкахошкахь латточу Iазапна тIехула. Шен шога къамелдарх цо кхетийра "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кеп яра ша схьаэцнарг, цо ишта луьра до бахархошца къамел" аьлла. Австрин Iедалхоша сацам бина хиллера, Асламханов шайн пачхьалкхера ара а воккхуш, Оьрсийчу цунна депортаци еш.
Иза Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла, акци вовшахтоьхнера Австрерчу Грац гIалахь. Уьш тешна бара, Оьрсийчу жимчу стагна депортаци яхь, цуьнан дахарна кхерам бу аьлла.

Кху деношкахь IАДАТАН модератор Тепсуркаев Салман сийсазвеш, таIзар динчул тIаьхьа юха а махкарчу Iедале вистхилира Асламханов, нах ма хьийзабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG