ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах яххьашца билгалбоху камераш хIиттош ю Москварчу трамвайш чохь


Моквахь трамвайш чохь нах яххьашца билгалбоху камераш хIитто 200 миллион сом делла, хаам бо "МБХ Медиа" ресурсо, пачхьалкхан цIарх эцарш ечу портална тIе а тевжаш.

Оцу мехах 390 видеокамера а, тIеоьшу гIирс а хIоттор бу, ткъа хIора трамвай чохь хир ю 6 камера а, яххьаш евза компьютер а.

Ши бутт хьалха метрополитенан цIерпоштийн 1500 вагон чу хIиттор ю бохура и тайпа видеокамераш. Оцу гIуллакхе 1,5 миллиард сом хьажийна Iедало.

Камерийн а, цаьрца боьзначу а гIирсаца Iедална бевзийла ду юкъарчу траспортаца дIасалела пассажираш, церан шераш, хьал-бахам, телефонаш.

Таханенна нах тергалбеш 200 эзар видеокамера ю Москвахь. Гучудаьлла уьш хьакамаллехь болчу нехан цIеношна хIиттош яцар. Оцу камерашкара информаци полисхоша юхкуш а хааделла Москвахь.

XS
SM
MD
LG