ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

NYT: Шена дIовш далар Оьрсийчоьне таллийта дуьхьал ву Навальный


ДIовш малийначул тIаьхьа дарба дан Берлинерчу "Шарите" клинике кхачийначу оппозиционера Германерчу прокуратурин векалца къамел деш, ша реза вац аьлла, шена дина зулам толлучу гIуллакхна юкъа Оьрсийчоь гIертийта. Германерчу кхерамзаллин урхаллийн лаккхарчу векална тIе а тевжаш, оцу хьокъехь хаам бина The New York Times газето.

Дарба эвсаре хилийта, тиларх ваьккхинчуьра лоьраша меттавалийна Навальный хIинца "вуьззина кхеташ а, хилларг хууш а, ша стенга кхаьчна а хууш ву", яздо газето.

Навальныйца Германерчу прокуратурин векалан къамел хилла оршоьтан дийнахь, кхин а шина йозуш йоцчу (Францерчу а, Швецерчу а) лаборатореша, пациентана "Новичок" дIовш делла хилар тIечIагIдеш, бундесверан говзанчаша бинна сацам бинчул тIаьхьа.

Марсхьокху-бетта 22-чу дийнахь Омскера ша кхачийначу Берлинерчу "Шарите"клиникехь, тIе ха а хIоттийна, ларвеш ву Навальный. Пехашка садоIуьйтучу аппаратах дIа а хадийна, хIинца цуьнан могашалла меттайогIуш а ю, йоццачу ханна маьнги тIера гIатта а ло иза. Боху клиникан официалерчу хаамо.

Германин кхерамзаллин урхаллаша бахарехь, дарба дина даьлча, Оьрсийчу юхаван а, шен болх дIакхехьа а лерина ву оппозиционер Навальный.

  • Оьрсийчуьрчу оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра велира Томскера Москва доьдучу кемана чохь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама, лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, цуьнца дIовш хааделла шайна, иза "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Британерчу Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш ду, аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG