ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туькан чуьра араволуш бизнесхо вийна ГIалгIайчохь


Гезгмашин-беттан 14-чу дийнан сарахь ГIалгIайчуьрчу Несарахь, машенца шен ца воьдучу новкъахь, кхача эца сецначу туьканара араволуш, герз тоьхна вийна совдегар Баркинхоев Ахьмад. Арахь иза ларвеш Iийначу киллеро масийттазза герз тоьхна цунна.

Иза вен а вийна, машенахь къайлабевлла зуламхой. Карарчу ханна йолчу информацица, ши стаг ву кIело йинарг.

ГIали чохь полицин оперативан тоба кхоьллина стаг вийнарш лохуш, аьлла низамхоша "Комсомольская правда" газете.

Нахана юккъехь стаг верах йолчу версешлахь ю бизнесехь къовсам эккхарх а, чIир эцарх а йолу версеш.

XS
SM
MD
LG