ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс пост хIоттийна Инстаграмехь


Шена дIовш делла кIо кIира даьлча, Германерчу дарбан хIусамехь тиларчу веъначу Оьрсийчуьрчу оппозиционера Навальный Алексейс духхьара пост хIоттийна социалан машанашкахь – Инстаграмехь.

Суьрта тIехь шен зудчун а, берийн а гонехь ву бахначу баттахь Берлинерчу "Шарите" клинике виллина политик.

Иштта дешнаш яздина цо шен постехь:

"Маршалла ду шуьга! Со Навальный ву. Шуна сагатдо ас. Суна цкъачунна хIумма а дан ца хаьа, амма селхана садаIаделла соьга. Сайгга. Цхьаьнггара а гIо а доцуш, легашка хIо луш болу гIирс хIотто а ца оьшуш. ЧIогIа там хилла суна цунах. Вай мах хадош а боцуш, вуно хаза хьал ду хIара. Хьоьху ас шуна а", – бегаш бо Навальныйс.

XS
SM
MD
LG