ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело хеттарш хьовсийна Оьрсийчоьне 19 шо долу нохчо хьийзорца доьзна


Оппозицин 1ADAT телеграм-каналан чатан модераторна Тепсуркаев Салманна иэхье таIзар дарх лаьцна хеттарш дина Оьрсийчоьнан Iедале Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Иштта ю кхело шега "Iазапна дуьхьалояран комитето" деношкахь хьажийначу орзан хьокъехь яьккхина хьалхара гIулч. Дуьненаюкъарчу адам бакъонаш Iалашъяран а, коьртачу маршонийн а Конвенцин "Iазап дехкар" а, "Адаман паргIато" а дакъоша къастийна бакъо талхорах лаьцна бу хеттарийн чулацам.

Бакъоларъярхоша сихонца Оьрсийчоьне жоп дехар а, Тепсуркаев волу меттиг билгалъяккхар а, цунна кхерамзалла хилийтар а дехнера Страсбурге.

Европан кхело орзаца доьзна Тепсуркаев вадорах а, "Кадыров Ахьмадан полке" иза кхачорах а йолу материалаш ехна бакъоларъярхошка а, пачхьалкхе а. Кху кхаарин дийнан сарале жоп шега дIакхачор тIедожийна Европан кхело.

  • Гезгмашин-беттан 7-чу дийнахь 1ADAT пабликехь араелира Тепсуркаев Салмана ша редакце хьажийна боху видео. Ша 1ADAT пабликехула махкарчу нехан наношна а, зударшна а вон мел дерг баьхна машанехула, царна ша баьхнарг шена дуьхьалдаьлла, цундела ша до шена таIзар, аьлла, верзина ваьлла волу Тепсуркаев хиира шишанна тIе. Шена шишанна тIехаа я тапча тохийта битинчу шина харжамах цхьаъ бу ша къастийнарг, бохура жимчу стага. Хууш ду иза Iедалхоша лаьцна, Геленджикера Соьлжа-ГIала вигинийла. Шен цIийнах кхетаза ву хIинца а, цкъачунна хууш дац цунах хилларг.
XS
SM
MD
LG