ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу зудчунна хан тоьхна Сharlie Hebdo редакцина динчу тIелатарх йоккхаерна


Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха ши шо кхайкхийна 24 шо долчу ГIалгIайчоьнан яхархочунна Евлоева Жарадатна терриризм къобалъярна.

Талламан версица, 2015-чу шарахь Евлоевас социалан машане пост хIоттийра, Францерчу Charlie Hebdo журналан редакцина дина тIелатар къобалдеш. Юкъараллехула нах терроре кхайкхарна бехкейина иза, хаам бо "Кавказский узел" ресурсо кхелан пресс-векалтанна тIе а тевжаш.

Бехктакхам къастабе хан чекхъяларца доьзна, таIзарх хьалха йоккхуш, цаяхийтина кхело Евлоева.

  • 2015-чу шеран Iай Францехь вежарий Куаши СаIид а, Шериф а тIелетира Charlie Hebdo журналан редакцина, цо Мухьаммад Пайхамарна карикатураш яхкарна, вийра 12 стаг.

XS
SM
MD
LG