ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра зорбан гIирсаш: Малхбузехь Кадыровна дуьхьал операци кечъеш ю. Яйтина Кадыровн сибатехь маска (+видео)


Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал кечдеш питана ду Малхбузерчу цхьана пачхьалкхехь. Оцу гIуллакхана леринчу къайлахчу лабараторешкахь цуьнан маска ю яйтина. "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам. Цуьнан информацица, Кадыровн сибатехь йина маска гойтуш видео яьржина социалан машанашкахь. Къаьстина и хаам eldit_net инстаграмерчу аккаунтера зорбан гIирсаша схьаэцна хилар. Видеона буха яздина ду, "Шолхаг" ("Двойник") аьллачу кодан цIарца Европехь Кадыров Рамзанна дуьхьал кечъеш операци ю аьлла.

Маска йина йолуш лаьтта, "цуьнах пайда а оьцуш, провокацеш лелон нах бу лоьхуш", яздо REGNUM агенталло.

Билгалдаккха догIу, яьржина информаци бакъйеш, официалан гIирсашкахь тоьшаллаш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG