ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхеле а ца буьйлуш, "экстремистийн" сайташ дIакъовла магош низам кховдийна Оьрсийчоьнан Думе


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума

Кхеле а ца буьйлуш, муьлхха а экстремистийн лерина интернет-ресурс дIакъовла полисхошна бакъо лучу низаман проект кховдийна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думе. Нагахь санна, дуьйцу, низам тIеэцахь, цхьана экспертан сацам тоаме хир бу сайт дIакъовла.

Документан авторш бу - Башкирин парламентан депутаташ а, "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах волу Думан депутат Ишсарин Рамзил а.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь экстремистийн сайташна блок хIотто кхелийн сацамаш оьшу. Прокуратуран а, талламчийн а дIахьедарийн бух тIехь, нагахь санна федералан кхелахошна сайташкахь экстремизман билгалонаш гахь, Роскомнадзоро йихкинчу информацин реестре йоху уьш.

Керлачу низаман проектан авторшна хетарехь, хIинца лелаш йолу къепе эвсара яц, хIунда аьлча, экстремистийн ресурс хаа а елла, иза дIакъовллалц эрна дукха хан йов.

Документаца цхьаьна чуделлачу кехата тIехь билгалдаьккхина, "оцу юкъанна низам дохочеран ка йолу, кхин дIа а шайн зуламан гIуллакхаш а лелош, шайн тобанашка керла нах ийзон" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG