ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европерчу Ичкерин векалшна дуьхьало латтаяр тIедожийна Нохчийчохь бахархошна


Мехкан дозана тIехь адамийн бакъонаш ларъяр дийцаредеш Нохчийчуьрчу зорбан министраллехь "юкъараллан конференци" дIаяьхьна. Мехкан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада а, муфтис Межиев Салахьа а, омбудсмено Нухажиев Нурдис а, кхинболчу хьаькамаша а дийцина гулбиначаьрга, "нохчийн дахарна тIеIаткъамбарх арахьара чуйогIучу информацино а, иштта Малхбузен къайлаха сервисаш регионера хьал талхон гIертарх" а, яздо мехкан хаамийн гIирсаша.

Дудаевс билгалдаьккхина, либералан зорбанаша а, "Европерчу Ичкерин векалша" а негативе дийцарх, Нохчийчохь хуьлучух.

"Цкъа а ца хиллачу кепара цхьана а кхетта, дуьхьало ян еза вай, юкъараллехь нохчийн васт негативе кхолла гIерташ а, Нохчийчохь а, йоллу Оьрсийчохь а лаьтта стабиле ситуаци йохо хьийзачу а нахана", - дIахьедина зорбан министро.

Цо билгалдаьккхина, "махкара лаьхкинчу Европерчу Ичкерин векалшна" латтош ахчанаш ду, "шайгга ма-даллу вайн къомана зен дайта" аьлла.

Иштта, конференци валийна хилла оппозицин политикан Закаев Ахьмадан воккхах волу ваша - Закаев Iела а. Цо бакъ ца дина, ша лачкъор. Журналисташкара хиира шена "ша а, шен гергара нах а лачкъийна бигарх" аьлла цо.

Хьалхо, Британехь вехачу Закаев Ахьмада дIахьедира, шен цIийнах мел верг Iедалхоша дIавигина, IАДАТ телеграм-канална ша тIехIоьттинчул тIаьхьа аьлла.

Нохчийн муфтис Межиев Салахьа кхерамаш тесира Закаевна, "хьо мацца карийна а, карор ву аьлла".

Закаевгара "доьхур ду", Нохчийчохь Iедало бахархой хьийзабо бохуш, къайлах болх бечу Телеграмерчу оппозицин ойла яржочу IADAT-канало арабохучу хаамийн хьокъехь, дIахьедира парламентан спикеро Даудов Мохьмада а, Думан депутато Делимханов Адама а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG