ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса велла уьнах 5 дархо, вирус кхетта 565 стагана


ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла пхи дархо, вирус къаьстина кхин а 565 вахархочуьнца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабо дIахьедарца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, ГIалгIайчохь а велла цхьацца пациент.

Верриг а эпидеми яьржичхьана кхелхина Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах 1 426 стаг.

ТIаьххьара динчу зерашца, Ставрополан кIоштахь дукха бу ун токхурш - 137 стаг:


• Ставрополан кIоштахь +137 (14 070 ву эпидеми яьжичхьана)
• Краснодаран махкахь̆ + 95 (12 658)
• Дагестанехь +85 (12 260)
• Кхарачой-Чергазийчохь+66 (6 093)
• ГIалгIайчохь +46 (4 995)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+42 (7 065)
• ГIалмакхойчохь+37 (5 488)
• Къилбаседа ХIирийчохь+32 (5 343)
• Адыгейхь +21 (3 710)
• Нохчийчохь + 4 (2 356)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла ву 74 038 пациент. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь тахана, Гезгамашин-беттан 16-чохь, 1 079 519 стагаца къаьстина COVID-19 вирус.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG