ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Веданара вежарий" сиха бац нахана юкъабовла. Стенна оьгIазвахна илланчашна Кадыров?


Шабаев Мансур

Деношкахь кIошташкарчу синбахамаллин хIусамашна Iедалхошна хьалха шога критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, бохура, оьшшучул ца кхиийна цара артисташ. Мах ишта хадорна реза бац республикера хьал девза бахархой: дукха бу махкахь похIма долу нах, амма ца лаьа царна, сцени тIе а буьйлуш, баккхий хьаькамаш хесто. Дукха бу политика бахьанехь Нохчийчуьра дIабахана артисташ.

"Кеп-кепарчу конкурсашкахь, телепрограммашкахь дакъалоцу бераш а, баккхийнаш а, царна тIера духар гича, кхета синбахамаллин бала болуш шу доцийла", - элира Кадыровс кIоштийн куьйгалхошка.

Къаьсттина ирча юьхь яьккхира Веданан кIоштан, сцени тIехь йиш лакха похIма долуш стагга а вац цигахь, аьлла. "Цхьаъ схьавалаве [Веданан кIоштара], къона, сцени тIехь лакха хуург, олу ахь, ца хуьлу-кх церан илли ала хуург", - цецвуьйлура Кадыров.

Бакъ вац мехкан куьйгалхо, Веданан кIоштахь вуно дукха бу кегий а, баккхий а иллиалархой, чIагIдо синбахамаллин министраллерчу хьукматашкахь белхаш бинчу Тасаева Сацитас (цуьнан цIе хийцина оха кхерамзаллица дозучу бахьаница).

"Бац уьш яккхийчу сценашна тIехь – иза харц дац, делахь а гойла ду цара шайн кIоштахь, я шайн гонехь илли олуш. Школе лелачу бераша хIора шарахь дакъалоцу махкарчу дешархошлахь хIитточу вокалан конкурсашкахь, толамаш а боху. Ткъа баккхий хилча, дай-наноша цхьацца говзаллаш лаха арабоху уьш. Кадыров нийса вац, харц ду Веданахь похIма долу нах бац бохург. Бу! Схьаэца, масала, Сайдуев Руслан, барта кхоллараллин «Илли» тобан солист. Суна дагадогIу ши шо хьалха Соьлжа-ГIалахь кастинг дIаяьхьина. Сан цхьана хьешийн йоI ю Iаламат дика хелхайолуш а, эшарш локхуш а. Ас, иза яхийта оцу бараме, цуьнца дерриг а ду артист хила, боху. Дас хадий дерриг а, политике дерзийна массо а хIума, гIуллакх дац «оцу наханна» хьалха сетта, аьлла", - дагалоьцу Тасаевас.

Зудчо тоьшалла до Веданан кIоштахь похIманчаш даим хилла а, болуш а хиларх. Амма царна, цо дийцарехь, ца лаьа сценин профессионалаш хила – тIаьхьало ца го.

"Дагалаца гуттар а лакхара корматалла йолу Сагаипова, Азиза, Хамзатова Хеда, Ахмадова Амина! Iедало, аьлча а, Кадыровс, шен къинхетамах дIахадийна уьш, ша декъахь воцуш махкахь цхьа хIума хуьлуьйтуш дац цо. Сцени тIе дIахIотта ца магош кхебира еххачу хенахь Ташаева Хьава. Горгамех йина тайнигаш йолуш санна хьоьжу политикаш исбаьхьаллехь къахьоьгучу нахе", - боху Тасаева Сацитас.

Кадыровс артисташ, спортхой политикана юкъаийзо мегаш дац аьллехь а, цо ша талхадо хьал уггаре хьалха, билгалдоккху синбахамаллин министраллехь болх бинчу зудчо.

"Дукха хан ю спортан, синбахамаллин векалш политика юкъаийзийна. Махкахь уггар коьрта волчу стагана шаьш тайта цара лелочуьнга хьовса, цуьнан лерг хьостуш, веккъа иза цхьаъ турпал веш лоькху эшарш. Веданхой кхета, хIун зама ю тIехь лаьттарг. Царна тоьлуш хета шина хьолехь бен бага цагIаттор: хIума кхоллуш а, стоматологна хьалха а", - тешна ю Тасаева.

Карарчу хенахь Францехь еха веданхо Садаева Мадина дуьненан синбахамаллин истори Iамош ю колледжехь. Шена дукха хьолехь эхь хета кхузаман нохчийн иллиалархошка ладегIа, Кадыровний, цуьнан доьзалний хьесталуш лоькху цара иллеш, боху Мадинас. Хьаькамех бозуш хила ца беза исбаьхьаллера нах, аьлла хета цунна.

"1990-гIа шераш дуьйлалуш тхан Веданахь хилла артистийн «Ичкери» тоба. Со бер дара хIетахь. Тхо тхайн дай-наношца клубе доьлхура оцу тхайн юьртарчу ансамбле хьовса. Массо а синкъерамашкахь хуьлура и тоба, Нохчийчохь тахана лоькхучех тера яцара церан эшарш. Хьаькамашна мотт хьакха аьттехьа а дага ца догIура артисташна оцу заманахь" – дуьйцу Садаевас.

«Мехкан дайшна» хьалха хьийза цалааро къехкабо похIма долу кегийрхой, цундела ца гIерта уьш синбахамаллин министраллин доларчу сценаш тIе, аьлла хета цунна.

"Веданара вежарий" тоба ю, масала. Бардийн эшарш ю цара лоькхурш, интеренетехь гоьяьлла и тоба. Декъашхоша шайн яххьаш ца гойтуш йохку YouTube шайн эшарш. ГIирс, аппаратура хилча, царех вуно дика иллиалархой хир бара аьлла хета суна. "Веданара вежарий" сиха бац нахана юкъабовла, таханлерчу Нохчийчоьнан Iедалан пропагандин машена ховша ца лаьа царна", - Садаева Мадинас дийцарехь.

Дукха хан йоццуш ша "Москва 24" телеканална еллачу интервьюхь Кадыровс бохура, ша а локху эшар хаза. Дагалецира школехь ша оьрсийн "Три танкиста" а, "В лесу родилась елочка" а лекхар. "Бакъду, рэп ца нисло сан", - къерахилира иза.

Республикан куьйгалле хIоьттича, лекха велира эшарш Кадыров. Цхьацца синкъерамашкахь дуккхаза а эцна цо кара микрофон, цIерачу а, тIебаьхкинчу а артисташна тIаьхьара олуш.

Ала дашна, Кадыровс хьоьстуш кхобу иллиалархой кхерама кIел беха даима а – цунна шаьш ца тахь, шайн некъаш хедар буйла хаьа царна. Гайтаме масал ду "Президент" рок-тобанах а, цуьнан лидерах Ахмадов Артурах а хилларг.

Масхадов Аслан президент волчу 1990-чу шерашкахь Iедалан комплекс ларъечу хан коьртехь вара Ахмадов. Нохчийчохь шолгIа тIом боьдучу муьрехь, Кадыров Ахьмад Кремлехьа ваьлча, цуьнан агIор дIахIоьттира иза, вовшахтуьйхира рок-тоба. Кадыров-воккханиг вийначул тIаьхьа президент хIоьттинчу Алханов Iалун Iедалехь республикан леринчу ницкъийн (ОМОН) буьйранча хилира Ахмадовх.

Кадыров Ахьмадна ур-атталла йиш яьккхича а хьалха ца велира Ахмадов хьовзамах. 2007-чу шарахь Кадыров Рамзана «нохчийн ОМОН» дIаяьккхира цуьнгара, иза махкахвелира, юьйхира "Президент" тоба, цигара цхьаберш пачхьалкхан дозанал дехьа а бовлуш.

Бевзаш болчу нохчийн иллиалархойх, артистийн, суьрташдахкархойн доккха дакъа ду, политика бахьанехь махках а даьлла, арахьа дехаш. Царех бу, масала, халкъан бартакхолларалин "ЖовхIар" тобан декъашхой а. Ерриг а тоба ю 2017-чу шарахь дуьйна Финляндехь ехаш. Уьш, 11 стаг, иллийн концерт эцна бахара Хельсинки шахьара Гезгмашин-беттан 5-чу дйинахь, амма цига дIакхаьчча, йийхира шайна политикан тховкIело. Баккхийнаш боцуш, бераш а девлира Финлянде дехьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG