ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу журналистана Майсигов Рашидна набахтехь даккха 3 шо тоьхна


Майсигов Рашид
Майсигов Рашид

Наркотикаш латторна бехкехилар тIе а чIагIдеш, набахтехь даккха кхо шо хан туьйхи кхело ГIалгIайчоьнан журналистна Майсигов Рашидна. Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 7-чохь Майсиговн гIуллакх теллина даларх. Адвокатийн аьтто хилира, журналистан хIусамех хьоьвсича хилла жамIаш а тергоне эцийта.

Товбеца-беттан 29-чохь кхаа баттана цIахь дIасавалар а доьхкуш, лаьцна витинера Майсигов, ткъа карарчу беттан 9-чу дийнахь прокуроро колонехь даккхийта пхи шо дехнера цунна.

Тахана, кхаарин дийнахь, кхело бовзийтина шен сацам: набахтехь даккха кхо шо луш.

Шинарин дийнахь йоьдучу кхелан кхеташонехь Майсиговс ша бехке ца хиларх дIахьедира, амма дуьхьал хилира зорбанашна комментари яла иза а, цуьнан гергарнаш а.

Зазадоккху-баттахь ГIалгIайчохь дIаяьхьначу протестхойн митингех хаамаш Iорабохучу "Фортанга" телеграм-каналан администратор а, оцу цIарца лелочу сайтан корреспондент а вара Майсигов. Товбеца-беттан 13-чохь лаьцнера иза, баккхийчу барамашкахь наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла.

Адвокато дийцарехь, ток еттийтина хиллера жимчу стагна, цуьнга бехк тIелацийта гIерташ. Карарчу беттан юьххьехь Магасан кIоштан кхело тIедогIучу шеран Дечкен-беттан 7-чу дийне кхаччалц дIаяхйира иза лаьцна вуьту хан. Шинаридийнахь ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело аравалийтира Майсигов цIера валар а дихкина.

Бакъонашларъяран "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада билгалдаьккхира "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь, Майсигов а, Зазадоккху-беттан Магасехь хиллачу протестийн кеп-кепарчу изоляторшкахь латто жигархой а санна, политикан таIзар лайначех ву.

"Амма тхо кхеташ ду, иза а, кхинболу гIалгIайн жигархой а санна, дешан маршо бахьана долуш лаьцна вара. Тхо тешна ду, Майсиговн наркотикашца гIуллакх ца хилла аьлла. Тхо тешна ду, и нах бехке цахиларх, хазахета церан хьокъехь цхьацца хийцамаш хуьлуш а. Делахь а, цIера дIасавалар дехкар - иза а ма ду таIзар. Тамашен хIума ду, и стаг бехке воций тхайна хуушшехь, даккхийдоь тхо цу кепрачу таIзарна а. ЛартIахь хIума дац хIара", - элира Муцольговс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG