ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калининградехь хиллачунна тIехула журналисташна прокуратуре латкъамбина депутато Саралиев


Саралиев Шамсаил
Саралиев Шамсаил


Нохчийчоьнан цIарах пачхьалкхан Думан депутат волчу Саралиев Шамсаила дIахьедина, Калининградехь ортодоксан шовда бехдарх хаамаш зорбане бахарца, къаьмнашна юкъа цим тасарна журналисташна латкъам бийр бу ша Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуре. Цунна хетарехь, нохчий сийсазбоху зорбанашкахь.

Масех де хьалха кегийчу наха Калининградерчу килсан дозана тIехь деза лоручу хи бухахь мачаш йилира, шаьш дийриг видео тIе дIа а яздеш. Ролик нтернетехь яржийра цара, эргIадбахначу ешархоша кIоршаме комментареш бухахь а юьтуш.

Оршотан дийнахь, Расул ю шен цIе аьллачу жимчу стага Калининградан бахархошка шена гечдар доьхуш, видео яржийра.

Калининградан кIоштарчу бусулбачийн синбахамаллин центран куьйгалхочо Кадимагомедов Ахмеджана къинтIера бехира меттигера бахархой, кегийчаьргара даьллачунна, берриш а Дагестанан бахархой хилар билгалдоккхуш.

Хилларг кхин тIе а дастаме даккха гIертачу журналисташа кеп-кепара материалаш зорбане йохура, инцидентан декъахой Нохчийчуьра бу а бохуш, яздо Саралиевс шен Телеграм-каналехь. Депутато билгалбаьхначу хаамийн гIирсашлахь ю Znak.com, "Подъем", кхин ерш а.

"Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуре дахьийта кехат ду ас кечдина, журналистийн леларехь хаамийн гIирсех долу низам а дохош, къаьмнашна юкъа цим таса гIертар ду аьлла. Ас ца боху бехкзуламан гIуллакх доладе, сихбелла хила тарло уьш, тоаме ду административан таIзар я Роскомнадзоран дIахьедар. Со даггара тешна ву, хаамийн гIирсашкахь нохчийн къам къестор сацор ду аьлла", - яздина Саралиев Шамсаила.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG